Мамакаев Шамсуддинан 1аьрбин дахарх а, кхоллараллах лаьцна «Сан дог, хьо деттало, къахьоьгуш халкъана» ц1е йолу региональни этнографически диктант.
01.03.2019Сан дог, хьо деттало, къахьоьгуш халкъана.
Нохчийн матте болу безам а, цуьнан вайн дахарехь лелар совдаккха а, Нохчийн Республикин бахархойн ненан маттах долу хаарш алсамдаха йолчу 1алашонца, ерриге Нохчийчуьра дешаран хьукматаша санна, Энгель-Юьртара №1 йолу Осмаев 1.Г. ц1арах йолчу школехь д1аяьхьира Мамакаев Шамсуддинан 1аьрбин дахарх а, кхоллараллах лаьцна «Сан дог, хьо деттало, къахьоьгуш халкъана» ц1е йолу региональни этнографически диктант.
Оцу диктантехь дакъалецира дешархоша а (14 шо кхаьчна хила дезаш дара бехкамца), хьехархоша а, дай-наноша а. Диктант хирг хиларан хьокъехь хаам бинера хьалххе, цундела цунна кечам бан таро хилира декъашхойн. Диктанта юкъа 50 тестийн кепехь долу т1едиллар дог1ура. Х1ора хаттаран жоьпана цхьа балл яра луш ерг.
1аьрби Мамакаевн кхолларалла хьакъ ю йовза а, еза а, талла а.