2025-чу шеран чиллин беттан 27-чу дийнахь Дуьненайукъара ненан меттан денна лерина «Беза, бовза ненан мотт!» ц1е йолу регионан этнографин диктант д1айаьхьира Энгель-Юьртара Осмаев 1.Г. ц1арах №1 йолчу

28.02.2025

2025-чу шеран чиллин беттан 27-чу дийнахь Дуьненайукъара ненан меттан денна лерина «Беза, бовза ненан мотт!» ц1е йолу регионан этнографин диктант д1айаьхьира Энгель-Юьртара Осмаев 1.Г. ц1арах №1 йолчу йуккъерчу ишколехь. Диктантан 1алашо йара: -эхь-бехкан а, гуманизман а, патриотизман а буха т1ехь граждански йукъаралла кхоллар; -Нохчийн Республикин дешаран хьукматашкарчу дешархойн а, ткъа иштта шайн лаамехь диктантехь дакъа мел лаьцначун а нохчийн маттах долчу хаарийн т1ег1а билгалйаккхар; - этнографи а, культурологи а 1амор; - диктантан декъашхойн шайн ненан (нохчийн) маттах долчу хаарийн барамах, мехаллах лаьцна ойла кхоллайалийтар а, и хаарш лакхадаха церан лаам алсамбаккхар а. Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а Министерствоно ненан мотт кхиорехь а, бовза лаам кхолларехь а мехала г1улч йара йаьккхинарг.