«Ненан мотт - къоман хазна» ц1е йолу регионан этнографин диктант д1аяьхьира Энгель-Юьртара Осмаев 1.Г. ц1арах №1 йолчу ишколехь.
17.02.20222022 –чу шеран февраль беттан 17-чу дийнахь «Ненан мотт - къоман хазна» ц1е йолу регионан этнографин диктант д1аяьхьира Энгель-Юьртара Осмаев 1.Г. ц1арах №1 йолчу ишколехь. Диктантан 1алашонаш яра: - эхь-бехкан а, гуманизман а, патриотизман а буха т1ехь граждански юкъаралла кхоллар;
- Нохчийн Республикин дешаран хьукматашкарчу дешархойн а, ткъа иштта шайн лаамехь диктантехь дакъа мел лаьцначун а нохчийн маттах долчу хаарийн т1ег1а билгалъяккхар; литература а, этнографи а, культурологи а 1аморна; - диктантан декъашхойн шайн ненан (нохчийн) маттах долчу хаарийн барамах, мехаллех лаьцна ойла кхоллаялийтар а, и хаарш лакхадаха церан лаам алсамбаккхар а. Диктантан декъашхой 14 шарера д1а хьала хан йолуш бара. Шайн лаамехь юкъабаьхкинчу декъашхойн таро хилира нохчийн маттах долу хаарш талла. Нохчийн мотт кхиорехь, 1амо а, бовза а лаам кхолларехь мехала г1уллакх дара д1адаьхьнарг.