Нохчийн мотт 1алашбарехь, шарбарехь, кхиорехь, къоман башхалла ларйарехь вуно мехала г1улч йу Нохчийн меттан де д1акхойкхоран хьокъехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзан Ахматовичан 2007

26.04.2024

Нохчийн мотт 1алашбарехь, шарбарехь, кхиорехь, къоман башхалла ларйарехь вуно мехала г1улч йу Нохчийн меттан де д1акхойкхоран хьокъехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзан Ахматовичан 2007 шеран х1утосург беттан цхайтталг1ачу дийнахь №207 йолу омра д1акхайкхор. Иштта хаза ламаст хилла д1ах1оьттина Нохчийн меттан к1ира д1адахьар. Массо а дешаран хьукматашкахь санна, Энгель-Юьртара Осмаев 1.Г. ц1арах №1 йолчу ишколехь кхушара а д1айаьхьира Нохчийн меттан к1иранна лерина мероприятеш. Ишколан директора Абуев А.А. леррина т1е тидам бохуьйту К1ира д1адахьарна. И болх д1абаьхьира нохчийн меттан хьехархойн Абдулхаджиева Х.В., Атаева А.Ш., Абдулмежидова М.Н., Бетербиева Х.Б., Тимиева Л.А., Цехаева А.Б. куьйгаллица. К1ира д1адолийра ишколан библиотекан белхалоша Хаджиева Т.Л., Вараева М.Р. а нохчийн йаздархойн книгийн а, нохчийн маттахь арадовлучу газетийн а, журналийн а гайтамца. Иштта, классан сахьташ д1адахьар, нохчийн маттахь йолчу эшарийн, байтийн къовсамаш д1абахьар, тоьлла сочинени йазйаран къовсам а, нохчийн маттах долу хаарш талларан къовсам а, пенагазетан къовсам а, олимпиада д1айахьар а, нохчийн къоман 1ер-дахаран хьокъехь х1иттийна суьрташ а, цаьрца цхьаьна карладоху вайн къоман шира дешнаш а, дешархоша тайп-тайпанчу говзаршна т1ера суьрташ дахкар, уьш д1агайтар берийн иэсехь лар ца йуьтуш ца дисира. Берийн таро хилира шайн пох1ма долу аг1о гучуйаккха. Дешархоша а, берийн дай-наноша а хаза хеташ дакъалецира д1ахьочу белхашкахь. Х1оразза ала дог дог1у, б1аьстенца денло 1алам санна, денлойла, кхуьийла, бехийла, вайн лерси хьостуш бекийла хьо, Нохчийн мотт- Ненан мотт!