2024-чу шеран чиллин беттан 16-чу дийнахь «Беза, бовза ненан мотт!» ц1е йолу регионан этнографин диктант д1айаьхьира Энгель-Юьртара Осмаев 1.Г. ц1арах №1 йолчу йуккъерчу ишколехь.

16.02.2024

2024-чу шеран чиллин беттан 16-чу дийнахь «Беза, бовза ненан мотт!» ц1е йолу регионан этнографин диктант д1айаьхьира Энгель-Юьртара Осмаев 1.Г. ц1арах №1 йолчу йуккъерчу ишколехь. Диктантан 1алашо йара: -эхь-бехкан а, гуманизман а, патриотизман а буха т1ехь граждански йукъаралла кхоллар; -Нохчийн Республикин дешаран хьукматашкарчу дешархойн а, ткъа иштта шайн лаамехь диктантехь дакъа мел лаьцначун а нохчийн маттах долчу хаарийн т1ег1а билгалйаккхар; -этнографи а, культуралоги а 1аморна; - диктантан декъашхойн шайн ненан(нохчийн) маттах долчу хаарийн барамах, мехаллех лаьцна ойла кхоллайалийтар а, и хаарш лакхадаха церан лаам алсамбаккхар а. Диктантан декъашхой 14 шарера д1а хьала хан йолуш бара. Шайн лаамехь йукъабаьхкинчу декъашхойн таро хилира нохчийн маттах долу хаарш талла. Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а Министерствоно ненан мотт кхиорехь а, бовза лаам кхолларехь а мехала г1уллакх дара д1адаьхьнарг.